Нацмен.Ру - социальная сеть для любителей Кавказа. Фоточат, комментарии, форумы, знакомства.

Кто СЕЙЧАС с нами?
Пользователей: 0
Гостей: 6
Фото пользователей

Нет данных для отображения.

Нет данных для отображения.

Нет данных для отображения.

  

 

Вайнехан г1иллакхаш

15 марта 2012 -
article300.jpg

Вайнехан, хаза гIиллакхаш, лехьийна а, гулдина а ца валлал шорта ду. Царех коьртаниг, воккхаха ларар ду. Вай дайша алара: "Шеца иман доцчунгахь - гIиллакх ца хуьлу. ГIиллакх доцчунгахь - оьздангалла ца хуьлу. Оьздангалла йоцчунгахь - яхь ца хуьлу. Яхь йоцчунгахь - доьналла ца хуьлу. Доьналла доцург - комаьрша ца хуьлу. Комаьрша воцург - стаг вац" -олий.
Кхин а алара цара: "Доцчуьнгара, гIиллакх даккха ца ло".
Вайнехан комаьршалла, иза вайнехан хаза гIиллакх ду. Уггар а хаза гIиллакх, иза вовшашна юкъара гергарлонаш ца хедор ду. Вайн дайша алара: "Ненахой а, стунцахой а ца лорург, стаг вац".
"Стаг вац хьо" аларал доккха эхь, цхьанна а заманехь хилла а дац, боьршачу стагана тIекхача. Иза эхь, шен керта ца даийта, яханчу заманашкахь, къонах вала а кийча хилла. Вовшашца, вайнехан йолчу йохьо, вайнах шайн гIиллакхийн дозанаш чохь сецабора. Ненахой, лараме болучарех, уггар а чIогIа лоруш бара. Вайн дайша алара: "Стаг вийна воьдучу къонахчунна, ненан вешийн букътIехьа бен, наб ца кхетта" - олий.
Ненан вешийца цхьана охьахаар а, цуьнца цхьаьна дуучу рицкъех кхетар а, эхье дара. Яар эхь хилар дацара иза, ненан вешийна хьалха шен багара цергаш гайтар тамехь ца хилар дара. Ненан вешийна бIаьрхьажар, доккха эхь дара.
ХIунда дара-те иза сел чIогIа лерина, лардеш долу гIиллакх?
Иза Делора дара, схьахетарехь, кIеззиг бен а доцуш, шайн чулацам кIорге а болуш, вайнехан юкъ, шен меттехь латтош хилла хIуманаш долундела. Уггар хьалха, юкъаметтиган дозанаш лардарех дара иза. Юкъаметтиг йоьхначу къомана тIекхача кхин вон болх, бан а бацара.
Дерриге а къоман Iадаташ - сий, яхь, оьздангалла, гергарлонаш, безараш, башараш, эшараш, доттагIаллаш а, кхин дIа долу дерриге а хIуманаш - гIиллакхан сибатех дара. Вайн заманахь, и тайпа хIуманаш а гIилакхаш а, хабаршца бен дисна а дац. Ларош берш, кIезга бу.
Массо а хIуманал коьртаниг дара, вокханиг ларар. Вокхачу стага аьлларг, иза шен тайпана я цIийна велахь а вацахь а, коьрта вахью а хуьлий, дIалацара жимачу стага. Амма кхин а чIогIа дара, шен цIийнан вокханиг ларар. Шен цIийнан воккханиг лоруш воцург, наггахь бен хуьлуш а вацара, бIешарашкахь цхьаъ, шиъ. Иштаниг, шен тайпанехь уггар а тешаме воцург хилар тIе а чIагIдой, цхьанна а девнна а, я машарна а, я тоьшаллийна а цамагош, башха билгала хуьлара. Цуьнан дош, лераме а ца хуьлара. Иштта дара вайнаха луш долу докха гIуда. Цу тайпана гIуда, такхалуш а дацара. Шен тайпана а, цIийна а вокханиг лара доьналла дочцу стага, вай а вайн йоI а лорур яц - олий, цу тайпана волчу стаге, наха шайн кертара зуда а ца йохуьйтура. Вокханиг вара, вайнехан юкъаметтигаш а, гергарлонаш а лардеш берш.
Нехан зуда, йогIуш шен бIаьрг кхетча, шен ши бIаьрг лаьтта а хьажабой, меллаша тIех а волий дIавоьдура къонах. Шена вогIуш доьхьал воккха стаг кхеттачу жимачу зудчо, шен карара делахь, бер лаьтта охьа а дуьллуш меттигаш а хуьлара, цу воккхачу стагаца болчу ларамана. Цхьа шийла де хилча, я арахь ло, догIа хилча, цунна доьхьала вогIуш волу воккха стаг, я нехан уьйтIа воьдура, я сихха тIе а воьдий, лаьттара бер схьа а оьций, цу жимчу зудчунна некъан меттиг маьрша йоккхуш, бер кара дIалора: "Далла езийла хьо. Ирсе хуьлда хьо, Дала баракате доьзалхо а, муьтIахь, иманчохь доьзалхо а волда шуна кхунах. ХIара шел ма далийта" - олуш, шен гIиллакх воккхачо а гойтура.
ХIун бара цу гIиллакхийн орам?
Иза Делора дара, доьзалхо воьгIнехь кхин а хир ву, амма дайна, дожийна гIиллакх, кхин духадоьрзур дац, аьлла йолу чIагIо яра. Вайнаха, уггар а чIогIа лардийриг, шен ден а ненан а йолу юьхь яра. Воккхачу стагана доьхьал а воьрзий, вайн заманехь санна, бIаьр тIе бIаьрг а хIоттабой, доьхьал ца лоьра жиманиг. Жимачунна хаара ша вокханиг эвхьазваьккхича, кхана-лама, деана шена дагахь доццург шена тIекхаьчча, жиманиг девнна мага ца вора, сихалла йолуш волундела, амма эвхьазваькхина воккха стаг а, лераме ца хуьлара.
"Воккха стаг хIусамехь валахь, цу хIусамехь беркат ду" - алара вайн дайша. Кертара воккханиг дIа ваьлча, и воккхалла жимачунна шена дуьсара. Ша лело дезарг хIун ду а ца хууш, дукха хьолехь, юха а кхечу воккхачуьнах дага вала везаш хуьлара жиманиг. Стаг воккха хиларо, цу стагехь заманан йохалло, собар гулдора.
"Собар доцчехь дов хуьлу" - алара яханчу заманехь. Амма вайн заманехь, жиманиг, шегахь дерг бен кхин хьекъал нахехь дац а моьттуш, воккхачунна хьехамаш бан а дог догIуш хуьлу, шен ден де метта волчу стагаца, къовсавала карахдолуш а хуьлу. Иза, эхара зама герга кхачаран билгаллонех, цхьаъ ю.
Воккханиг вогIуш дуьхьалкхеттачу говран бере, сихха лаьтта охьавуссуш хилла, цу воккхачу стагал лакха ца валархьама а, цунан куйнатIехле шен бIаьрга ца гайтархьама а. Иза а дара, цу беречо, шен дас а, нанас а шена Iамийна гIиллакх, шен тIамарах дIадолийтар.
Дай-наний.
Царал лераме, цхьа а хIума дацара яханчу заманашкахь. Шен да волчу меттехь, воI охьа а ца хаара. Деца цхьаьна шуьне хаар гIиллакх ца лорура вайн дайша. Шен доьзал жима белахь, цара яъалц, дас а нанас а, хIума а ца яара. Цул тIаьхьа дега а нене а йоийтий бен, кхиинчу воIа а йоIа а, ца яара хIума. ТIаккха дас а нанас а йиинчул тIаьхьа яара кхиинчу доьзало. Иза дара, кхуьучу къонахчунгахь, собар гулдаран сибатех. Тахана йолу маршонаш яцара цу заманахь, делахь а, шайн гIиллакхех бохарна, гена бара цу заманара вайнах. ЦIаьнкъа хIоттийна шун, шелделла далале, массо а йиина хьала гIоттара.
Нана даиман а, декъаза лелаш хуьлу, шен доьзал безар алсам хиларна. Массара а йиинчул тIаьхьа, царех йиснарг къийзош Iара нана. Иза гIиллакх тахана а дохаза схьа догIуш ду вайна юкъахь. АлхьамдулиллахI. Нана дIа таттар а, иза ца езар а дацара иза. Иза дара, нанна, шен доьзалца къинхетам алсам хиларна, уьш мацалла баларна кхоьруш, шен доьзалах нанас беш болу къинхетам бара иза. Вай дайша тепсар дора цу къинхетаман иштта: Адам а Хьава а, да а воцуш я нана а йоцуш кхоьллина ду, амма цу шинне, шайн доьзалаш хилла. Шай дай-наной дезар ца хилла Адамехь а Хьавагахь а, цундела, ца хаьа доьзална, шен дай наний, шайна деза дезаран дозанаш. Шен дений нанний, шаьш мел чIогIа беза, доьзална хуур дац, шайн доьзалаш кхиъалц.
Муьлхачу а доьзалехь, шайн-шайн, декхарш хуьлу массарна а тIехь. Зударийн декхар, кхерч бовха латтор а, веанчу хьешана хьошалла дар а, мерза кхача хIоттор а дара. Шайн говзалла гойтуш, зударий мерза чам болуш, тайпа тайпана кхача кечбеш хьийзара. Иштта, шен хIусаме веана волу хьешана, могаш-паргIат хаьттина ша яьлча, кхача хьалха а буьллий, иза шен цIийндеца, цхьалха а вуьтуш, шайн дан дезараш а да, дехьа чу болхара, я ара бовлара, замане хьаьжна.Божарий болчу меттехь, зударша къамел дар, шен цIийнда, сийсаз ваккхар дара иза цаларар а дара.
Ишта ларйора, цIийндас, шен хIусамнана а, эвхьазлонах а, иза атта хетарех а ларйеш.
Тхан ден да, хиллера, Докушан Юсуп цIе а йолуш, вай дIадохадале, шен БугIан юртахь, яккхий туьканаш а йолуш, шекар духкуш йолу, доккхачу хьолан да а вара иза. Дукха даьхний долуш стаг а хилла иза. Никлай Iедал доьхча, Советан Iедало, кулак а вина, хьизийна а хилла иза. БугIан юртана, гонаха йолчу ярташкахь, иза ца вевзаш стаг хилла а вац цу заманахь. Наха "СагIа ло Юсуп" а олуш хилла иза. Хьорсанехь а, Итум кхелахь а ваьхна а хилла иза, Iедалах ведда. Цуьнан даьхний, дерриге а советан Iедалло, дIа а даькхина цуьнгара, цуьнан хIусамаш йоцурш. Цу хIусамашакахь ехаш шиъ зуда а хилла цуьнан. ГIизларер, ахчийн банк а лачкъийна вогIуш волу Зелимха, шен говр топп а кхетта лазийча, тхан юьрта веана хиллера Докашан Юсуф лоьхуш. Тхан ден дас, шен сира дин а белла, шен хIусамехь буьйса якхийтина, новкъа ваькхина а хилла иза.
Иштта волчу, тхан ден дена тIе, тхан йоккхах йолу ден йиша еха, Iалхан юртара нах баьхкина хиллера. Баьхкина болчу замойшка, тхан ден да вист хилла а валале, цуьнан шиъ зуда а, кхи болу тхан каьртара зударий а, томан да дезарг дагар дан йола елла хиллера: "ПухIон кхоъ бой а я, оццул ахча а да, хIара а я, важа а я" - бохуш. Баьхкина болу замой, вовшашка а хьаьжна бисна хиллера, шайн дагахь: "ХIара шишнахь, иллешкахь вуьйцуш волу Юсуп-м, кху зударша вист хила а ца вити" - бохуш. Кхара дехнарг дан тIе а лаьцна, замой дIа баха ара бевллачу хенахь, тхан ден дас, тIаьхьа ара а ваьлла, арахь аьллера царга: "ЛадогIал нах, оцу зударша цIетоьхна долчу хIуманах, цхьаъ дохьуш шу шен неIарга дагIахь, вайн захало доьхна ду шуна. Цхьа а хIума ма дохьийла аш, шен керта, урдо доцург" - аьлла. Шаьш тхан ден йишийца диллина урдо схьа а делла, шай нускал а эцна дIабахана хиллера уьш. Зударех кхерар ца хиллера иза. Иза Юсупа, нахана хьалха, шен хIусамера зуда човха а йина, иза ата ца хетийта, бина гIулч хиллера. Нахана гергахь, шен цIийндас, хадийнарг бен, кхин мах ца хуьлу цу зудчун.
Ши зуда хилла сан ден де. Ший а цхьана тхевнна кIелахь Iаш а хилла. Тхан ден дас олуш хилла цаьрга: "Нагахь санна, шу шиъ, вовшашка вон йист хилла, я вовшака вон хьаьжна суна тосалахь, шайн-шайн цIа гIур ю шу шиъ." - олий. Тхан юьртара баккхийчу наха алара, тхан ден дас алара, олий: "Ша стаг волчу стага, шен логан шад гойтуш кучан кач а бостур бац, я шен хечийн барч а гойтур бац, шен долахь йоцчу зудчунна" - олий. Вовшашца гIиллакх а ларам а чIогIа хилла цу нехан. Лулахо ларар а дара, шен доьзалхо ларар санна чIогIа. Вайн дайша алара: "Генарчу доьзалхочул а тоьлла, уллера лулахо" - олий.
Иза а бакъ ду. "Ва-а-а, орцах довла!" - аьлла, мохь тоьхча, хьалха орцах вогIунверг, лулахо ву. Генара гергарниг кхачале, уллера лулахо чохь кара во, даим а.
Иштта, мел дукха дийцарах, кхачалур дац, вайнехан хаза гIиллакхаш.
Оцу АллахI Дала, духадерзадойла вайн юкъаметтигаш латтийна долу, хаза гIиллакхаш!

 

Рейтинг: +4 Голосов: 4 4986 просмотров
Комментарии (0)

← Назад

 КавСвадьба - социальная сеть женихов и невест на Кавказе

Понравился ваш Нацмен?  Обязательно поделись с друзьями! 

 

Общение на Кавказе - кавказские девушки и парни © 2024